Текст песни
Для этой песни доступен текст без караоке-подсветки.
Х1ордах тера сийна б1аьргаш Мичара девзи суна шу? Хьаьрса ч1аба мохо ловзош Дуьхьал йог1уш хьо гуш ю. Муха вер ву ца гуш, алахь Вист ца хуьлуш хьуна т1ех? Доьху хьоьга, дхьа ма г1олахь Схьа ца хьожуш, хетий эхь. Мелчу мохах болар тардеш Са дог-ойли йаьхьи ахь Х1инццалц сайна гинарг дицдеш Корта хьовзий, хазнаг, ахь К1айчу жовх1арх хьо тарйина Доькъуш хьоьца мерза ирс Сийнач б1аьргаша ирсе вина Деза дахар йоцуш йист. Х1ордах тера сийна б1аьргаш Сан ирс хили шу довза Хьаьрса ч1аба мохехь ловзаш Дуьхьал йог1уш сайна га.
Мурад Дударов — Сийна б1аьргаш
«Сийна б1аьргаш» — Мурад Дударов. Читайте текст песни, слушайте запись онлайн бесплатно или скачайте mp3. Длительность записи — 4:23. Жанр — Этническая.
